Дерриг дуьне хаздина,
Хьан сирла б1аьргаш къегийна,
1аьржачу, 1аьржачу буьйсанна
Суна цара некъаш гайтийна.
Хьо лоьхуш а со лела.

Доьху, сьоьга алахьа
Х1у-ду т1е хьан юьхь т1ехь?
Г1айг1а? Ирс, а маьлхан нур?
Хьан даг чохь дерриг дуьне ду.

Хьан х1ора дош суна совг1ат ду,
Сан денош-хьуна лерийна,
Соьх теша, цханна вай хир ду,
Вайн ирс ду Дала яздина.